Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза. КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш.
Выбор основного перевода