Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шаьш базарара еана хІума а шатайпана цІанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Іадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гІумгІанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гІайбеш а цІанъяр тІехь. Цундела парушхоша а, Іелам наха а хаьттира Іийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда ца лору, куьйгаш цІан а дина, хІунда ца йоу цара хІума?» – аьлла. Іийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаІ-ЯхІу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. Аша, адамийн Іадаташ схьа а лаьцна, Дала тІедехкинарш ца лору». Кхин а Іийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тІедехкинарш а ца лоруш, шайн Іадаташна тІаьхьахІоттар. Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“. Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дІало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгІат“ бохург ду), – аьлча, дена-нанна дан дезачух иза кІелхьарволу бохуш, чІагІдо аша. Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Іадат лору аш. И тайпа хІуманаш дукха леладо аша». Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. Сонтанаш! ТІехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а?
Выбор основного перевода