Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гІой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гІоьртина, иза вийра. ТІаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хІун хаьа? Со гІарол-м вац сан вешина?!» ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“». Цара, Закри-ЯхІуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цІийнан кертахь цунна тІе тІулгаш кхиссира. Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхІун дас ЯхІу-ЯдаІа шена дина долу дика. ЯхІу-ЯдаІан кІант вийра цо. Закри-ЯхІус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хІара дІа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!» Амма аша со вехь, шу цхьана хІуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цІий шайх а, хІокху гІаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хІунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дІахазийта». Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шеран борхІалгІачу баттахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан хІара дош кхечира: Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела. Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагІа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгІаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хІинца а. керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна. Кху гІалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цІий!
Выбор основного перевода