Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш. Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара.
Выбор основного перевода