Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
И хІума чекхдаьллачул тІаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаІанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Іамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Іаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гІуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дІа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». Динан да волчу Іезара, хьала а гІаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хІума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла. Санбулат, ТІуби-ЯхІу, Іаьрбихой, Іамминхой, ашдодхой чІогІа оьгІазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гІалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Іуьргаш дІа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дІахезча. Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дІадийшира. Цу тІехь царна дІаяздина карийра, цхьа а Іамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дІакхета йиш йолуш вац аьлла.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода