Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. АхІаронан цІийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгІа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тІаьхьа левихоша шайна дІакхаьчначу уьтталгІачу декъа тІера кхин уьтталгІа дакъа Делан цІа чохь йолчу чІоьнаш чу охьадилла деза. Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгІаташ – кІа а, чагІар а, зайтдаьтта а – цу чІоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гІирс а бу ларбеш, иштта гІуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гІаролхой а, илланчаш а бу Іаш. Оха чІагІо йо Делан цІийнан дола дан!» Цу дийнахь билгалбехира чІоьнаш карахь долу нах. ХІора доьзало деш долу совгІаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгІа долу дакъа а – цу чІоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГІаланашна гонах долчу кхаш тІера цара чІоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хІунда аьлча яхІудхой чІогІа хазахетта бара цигахь гІуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода