Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Муабахой холчу хІиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чІогІа кхерабеллера исраилхойх. Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дІайоу буц санна, вайна гонах мел долу хІума дІадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кІант Балакх. Балакха БеІаран кІантана БалиІамна тІе шен геланчаш бахийтира, иза шена тІе схьакхайкха аьлла. БалиІам Іамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гІалахь Іаш вара. Балакха иштта дІаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хІара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дІахІоттийна. Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неІалт кхайкхадехьа, хІунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТІаккха сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неІалт кхайкхийча, цунна тІехь неІалт лаьтта». Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиІамна тІебахара, пал тасарна богІу мах а хьош. Балакха шайга дІаала аьлларг дІаэлира цара БалиІаме. БалиІама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дІадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира. Дала БалиІаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хІун нах бу?» – аьлла. БалиІама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кІанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тІе. Цара боху: „Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неІалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо“». Балакха БалиІаме элира: «Ахьа суна дийриг хІун ду те? Аса сайн мостагІашна неІалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода