Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
совгІаташ а, уьтталгІа дакъош а, Далла дІакъастийна сагІанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хІуманна тІехьожуш хьаькам хІоттийра левихо волу Ханан-ЯхІу. Ткъа Ханан-ЯхІун ваша ШамаІи цунна гІо деш шолгІаниг хІоттийра. Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Іазар-ЯхІус а тІедилларца Ханан-ЯхІун а, ШамаІин а куьйга кІел оцу хІуманийн дола дан дІахІоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхІу, Нахьати, ІасахІал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхІу, Махьат, БенъяхІу. Сайн ваша Хьанани а, гІопан хьаькам волу Хьанан-ЯхІу а ас къобалвира Ярушалаймана тІехь урхалла дан. Хьанан-ЯхІу ас хаьржинера, хІунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела. Цу дийнахь билгалбехира чІоьнаш карахь долу нах. ХІора доьзало деш долу совгІаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгІа долу дакъа а – цу чІоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГІаланашна гонах долчу кхаш тІера цара чІоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хІунда аьлча яхІудхой чІогІа хазахетта бара цигахь гІуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода