Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
И хІума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а чІогІа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар. Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. Санбулатана а, ТІуби-ЯхІуна а, Іаьрбихо волчу ГІишамана а, иштта кхечу тхан мостагІашна а дІахиира, тхан мостагІашна а дІахиира, оха, гІалин пен юхаметтахІоттинийла а, пенах даьхначу Іуьргех дІадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хІинца а кевнаш чу йогІу неІарш дІа ца хІиттийнера. Цу деношкахь ЯхІуд-махкарчу лоруш болчу наха дукха кехаташ кхоьхьуьйтура ТІуби-ЯхІуга, ткъа ТІуби-ЯхІугара кехаташ цаьрга а кхочура. ЯхІудхойх дукхахболчара, цунна тешаме хир бу аьлла, чІагІо йинера, хІунда аьлча ТІуби-ЯхІу Арахьин кІентан Шихан-ЯхІун нуц вара, ткъа ТІуби-ЯхІун кІанта ЯхІу-Хьанас Берех-ЯхІун кІентан Машулиман йоІ ялийнера. Цу дийнахь билгалбехира чІоьнаш карахь долу нах. ХІора доьзало деш долу совгІаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгІа долу дакъа а – цу чІоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГІаланашна гонах долчу кхаш тІера цара чІоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хІунда аьлча яхІудхой чІогІа хазахетта бара цигахь гІуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода