Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дауда шен зудчун Бат-ШабаІан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дІавижира. Бат-ШабаІа юха а кІант вира Даудана. Цунна Сулим цІе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхІу аьлла, цІе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду). Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирІунан йоІ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Іамминхойн, эдомхойн, цІаданхойн, хьетахойн йоІарий. Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тІаьхьа ца хІиттадайтархьама». Амма и зударий тІех дукха безарна, корта дІабаханера Сулим-паччахьан. Иштта, ворхІ бІе зуда а, кхо бІе гІарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тІера дІаваьккхира Сулим-паччахь. Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дІаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дІаделла дацара. ЦІаданхойн Іаштарт цІе йолчу далла а, МилкІом цІе йолчу чІогІа боьхачу Іамминхойн далла а тІевирзира Сулим-паччахь. Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тІаьхьа ца хІоьттира Везачу Элана. ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тІехь хІиттийначу кхерчаш тІехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагІа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо. Даудан кІентан Сулиман шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дар чІагІлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира. Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода