Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза. Іезар хьалагІаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чІагІо яйтира, цара Шихан-ЯхІус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чІагІо йира. шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха. Оха чІагІо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кІенташка схьа ца даладайта а. Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. Сайна еттачарна букъ кІелхІоттийра Ас, ткъа Сайн маж дІаийзочарна – беснеш. Ас юьхь дІа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода