Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгІаташ – кІа а, чагІар а, зайтдаьтта а – цу чІоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гІирс а бу ларбеш, иштта гІуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гІаролхой а, илланчаш а бу Іаш. Оха чІагІо йо Делан цІийнан дола дан!» Аса яхІудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хІума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хІун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неІалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цІарах иштта чІагІо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таІзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кІенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода