Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хІара халкъ бахьана долуш динарг. Оха – динан дайша а, левихоша а, халкъо а – кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хІора тхан доьзало Делан цІенна совгІатна лерина долу чІийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тІехь ма-хиллара. Ва сан Дела, аса и хІума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цІийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гІуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг! Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода