Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тІедиллира динан дайшна а, левихошна а догІуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дІадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тІедерза а ца дезаш. Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатІупат-гІалина гонахарчу ярташкара а, иштта Байт-Галгалара а, ГибаІ-гІалин а, Іазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера. Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХІун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа Суна цадаларца а, Суна догІу сагІанаш цадахарца а до.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода