Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неІалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цІарах иштта чІагІо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таІзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кІенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода