Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хІара халкъ бахьана долуш динарг. Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! Билгалъяьхначу хенашкахь сагІанаш дагорна лерина долу дечиг Іалашдаран Іадат дІахІоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода