Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогІалаш соьга! ХІинца шаьш а Далла гергахь цІанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа а цІанде. Цу цІенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хІума аракхосса. Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цІано йира. ТІаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цІа цІан а деш, даздан бахара уьш. Цара Везачу Элан цІа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хІума цІийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогІи чу дІакхиссархьама, дІаийцира. Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгІаташ – кІа а, чагІар а, зайтдаьтта а – цу чІоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гІирс а бу ларбеш, иштта гІуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гІаролхой а, илланчаш а бу Іаш. Оха чІагІо йо Делан цІийнан дола дан!»
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода