Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хІара халкъ бахьана долуш динарг. Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цІанваларан Іадат кхочушдира. Иштта халкъана тІехь а, гІалин кевнашна тІехь а, гІалин пенна тІехь а кхочушдира цара цІена хуьлу Іадат. Ва сан Дела, аса и хІума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цІийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гІуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг! Билгалъяьхначу хенашкахь сагІанаш дагорна лерина долу дечиг Іалашдаран Іадат дІахІоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода