Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиІаме ладогІа. Шун Везачу Дала цуьнан неІалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела. Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар а доьшуш. Цул тІаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукІарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Іибадат а дора. берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода