Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гІой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дІахІотта, яхІудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа. Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, ЯхІуд-махкара дерриг халкъ а, гІалин кевнийн неІаршкахула чу мел богІу Ярушалайман бахархой а! Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоІучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. Иштта шайн хІусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тІе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгІира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогІа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода