Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хІуманаш я кІа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха. ХІора ворхІалгІа деанчу шарахь тхайн кхаш тІехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтІера девр ду тхо. Оха чІагІо йо хІора шарахь цхьана шекхалан кхоалгІа дакъа тхан Делан цІийнан хьашташна дІадала. Аса цаьрга, чІогІа бехк а боккхуш, элира: «ГІалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дІадохур ду». Цул тІаьхьа уьш кхин ца богІура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоІучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. Иштта шайн хІусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тІе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгІира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогІа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна. Нагахь санна аша Аса хІинца бохучуьнга ла ца догІахь, – боху Везачу Эло, – хІокху гІалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь, тІаккха кху гІалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тІаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гІудалкхаш тІехь а, говрашна тІехь а богІур бу, ЯхІудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю. ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашкара а, Ярушалайм-гІалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхІуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагІанаш, кІен сагІанаш, хаза хьожа йогІучу хІуманийн сагІанаш, баркаллин сагІанаш Делан цІа долчу схьадахьар ду. Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дІабовр бу, вайна ялта дІадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дІадер ду, вайга чІоьнаш дІаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Выбор основного перевода