Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса хьан дукха тІаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш. Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хІинцалерчу ханна тІекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хІаллакбан я уьш Шена уллора дІататта. Церан тІаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тІе схьабалийра Ахь.
Выбор основного перевода