Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоІучу заманахь цу лаьтте садаІийта. Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоІуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна са а доІуш, кхузткъе итт шо дуззалц.
Выбор основного перевода