Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш». Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!» Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хІара дош кхечира ШамІа-ЯхІуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хІаллакбийр бац Аса уьш, кестта кІелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгІазалла. Амма Хьузакх-ЯхІу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхІус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгІазалла ца йира царна. Мисар-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Іаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тІера месаш лоргуш болчу нахана тІехь Аса таІзар дийр ду, хІунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тІаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю». Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цІа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
Выбор основного перевода