Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. ЦІушна тІе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела. цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дІалахка. Массо а церан тІулгех хедийна цІуш а, боьттина бина цІуш а, сагІа доккху гунаш а дохаделаш. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш.
Выбор основного перевода