Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта дІаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагІчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цІа чохь волчу Хьоьга доІанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукІарло дора цара. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу. ДІа а гІой, къилбаседехьа хІара Сан дешнаш дІакхайкхаде, Ярми-ЯхІу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхІудан халкъ! – боху Везачу Эло. – Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, – боху Везачу Эло. – Со массо а хенахь шуна оьгІазвахана а хир вац. Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хІунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хІора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цІушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугІура“». Иштта боху Везачу Эло. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Аса шуна Сайна тешаме болу Іуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду. ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода