Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
Выбор основного перевода