Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьалла деш долу борхІалгІа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхІу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а цІанйира цо цигахь хиллачу халкъо Іибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гІуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цІуйх а. БаІал-деланашна лерина йолу сагІа доккху меттигаш а, царна тІехула хІиттийна хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а, кхиболу цІуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цІушна сагІа даьккхинчеран къуббанаш тІехула дІасаяржийра цо. Берриг а Исраил-махкахула йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а дохийна дІадехира, цІуйх а чан йира, хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохийра Юши-ЯхІус. ТІаккха иза Ярушалайме юхавирзира. Шайн жашца Іуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогІур бу Ярушалайм-гІалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дІахІиттор ду цара. Шена дІаделла дакъа хІораммо а дассор ду. Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. ХьалагІовтта, буьйсанна тІе а летта, Ярушалайман гІепаш йохор ю вай». ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гІалин пенна тІеволийла кечъе. И гІала таІзар дан хьакъ долуш ю, иза гІело ярх юьзна йолу дела. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.
Выбор основного перевода