Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. Иштта, ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц хІора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ІиндагІашкахь тийна-маьрша Іаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву. Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло. Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кІенаца хьо Іаба а йо Цо. Цхьа а лом хир дац цигахь, дера акхаро а ер яц цу тІе. Уьш цигахь карор яц. Дала, мах а белла, паргІатбаьхнарш гІур бу цу новкъахула. Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагІий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
Выбор основного перевода