Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГІайгІанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дІабоьхкина йолу гІала йохийна лаьтташ хилча, цу гІалин кевнаш а дагийна хилча!» Хьайн когаш гуттаренна а Іохкучу саьлнашна тІеберзабехьа. МостагІчо Хьан дезачу цІа чуьра дерриг хІума а дохийна дІадаьккхина. Ткъа хІинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хІума шайн дагаршца а, жІаьвнашца а йохийна цара. Хьан деза цІа дерриг а дагийна цара. Хьан цІе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш. Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дІабохур бара вай», – бохуш, – лаьттара Делан гуламаш дІахІуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла.
Выбор основного перевода