Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дІатосур а дац, хІаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чІагІо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац». Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хІинцалерчу ханна тІекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хІаллакбан я уьш Шена уллора дІататта. Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо:
Выбор основного перевода