Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахе Суна цІа дайта, тІаккха Со царна юкъахь Іийр ву. Цуьнан четар Шалейм-гІалахь ду, Иза Іаш волу меттиг Цийон-лам тІехь ю. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Царна юкъахь хир ю Сан хІусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Сан Деза цІа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“». Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
Выбор основного перевода