Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. Хьала а гІаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Іуьйре тІекхачале, цІан а лой, дІахІитта, хІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хІуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дІаяххалц, шу мостагІашна дуьхьал латталур дац’. Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира.
Выбор основного перевода