Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элан оьгІазалла, яьлла цІе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дІакъовлур ю, догІа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТІаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тІехь шу кестта хІаллакьхир ду. Иштта хир ду шуна шайн кІелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дІалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тІера маргІалш доьгІна аша. Шаьш маргІалш дІадугІучу хенахь аша гІайгІа бира уьш кхиийта, Іуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хІумма а хир яц – цамгар а, дІа ца доьрзу лазарш а бен. Ас элира: «Эрна къахьегна ас! Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас. ХІетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду, суна доггІург сан Делера хир ду». И бахьанехь стигал а дІакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна.
Выбор основного перевода