Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву». КанаІан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта. Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву.
Выбор основного перевода