Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тІедехкина долу весеташ, парзаш, тІедехкинарш. Шайна дола даккха шу тІедоьлхучу оцу лаьтта тІехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу. «ХІорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дІалуш долчу лаьтта тІехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тІедехкинарш а. Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тІехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагІанаш даха аьллачу хенахь. Синай-лам тІехь Везачу Эло Мусага элира: ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула исраилхошна тІедехкина весеташ.
Выбор основного перевода