Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гІаланашкарчу нахана тІе, цундела зуламна Якъубан берашна тІаьхьа цхьа а ца велира. Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тІекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тІекхаьчча, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогІа, и хаам тІекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода