Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лен ун а кхетийтина, хІаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цІийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду». Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кІелахь дезачу тІулгийн экъа яра, стигал санна, цІена а йолуш. Шуна тІе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хІаллакдийр ду. ГІалахь Іожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тІе тІом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса». Нагахь санна Ас, цу лаьтта тІе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тІехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хІаллак а дойтуш, «Я Аса цу лаьтта тІе Іожаллин ун хьажор дара, царна тІе ерриг а Сайн оьгІазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хІаллак а деш. Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тІедаийтира. Шун кегий нах туьраца хІаллакбора Ас, дой йийсаре дІа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерІуьргашка еттайолуьйтура. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода