Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду. Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дІаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Аса кхин цхьа чІагІо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чІагІо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дІасабаржо а, кхечу мехкашкахула дІасакхисса а. Цундела, дарцо санна, Ас дІасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тІаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тІехула дІаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».
Выбор основного перевода