Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна тІедерза, тІаккха кІелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьІІера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац. Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тІе а баьхкина, юьхьІаьржачу хІиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш. Исраилан тІаьхьенах болу берриш а Везачу Эло бакъбина хир бу, Цунах цара дозаллаш дийр ду». Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.
Выбор основного перевода