Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТІаккха хьан синтем дІадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хІордан тулгІенаш санна хир яра. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду.
Выбор основного перевода