Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гІур ву Вайн дуьхьа?» ТІаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа». Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. ХІара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Іийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дІалур ду царна Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна.
Выбор основного перевода