Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Амма бакъдерг аьлча, Делан Іойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІоттийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цІа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’ Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю. „Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа? И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“ Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац.
Выбор основного перевода