Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хІордан йистерчу мехкашкахь. Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тІулгаш дІадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна! «Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цІаре доІанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гІо дан кийча ву!“ – баьхна Ас. Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Айса хаза кхаъ дІакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цІе евзаш йоцучу меттигашкахь а дІакхайкхо, иза кхечо дІахІотийначу бух тІехь ца дархьама. Амма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу, цахезначарна а вевзар ву».
Выбор основного перевода