Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна. Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхІушапти-тогІи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тІехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХІунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дІасадаржийна, Сан латта а цара дІасадекъна. Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
Выбор основного перевода