Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». «Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догІур дац, даг тІехь а хир дац. Цара кхечарна чохь Іан цІенош а дийр дац, кхечара царна тІера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югІур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу. Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хІунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тІаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду. Амма, Дала динчу ваІдане а хьаьжна, нийсонан цІа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай. Керла стигал а, керла латта а гира суна, хІунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хІинца дІадаьллера. ХІорд а кхин бацара.
Выбор основного перевода