Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора дийнахь доккхучу сагІина а, цуьнца догІучу чагІаран сагІина а тІетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагІа ду иза». Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалхā охьатаьІар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цІе. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо». Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
Выбор основного перевода