Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СхьавогІур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогІур вац Иза. Дерриг хІума а дІакхоллуш йолу цІе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах. Делан сийлахь гІудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю. Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тІера Шен дезачу цІа чу воьссира. Тархах Іовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дІасадаьржира. Цунна хьалха цІе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагІий оцу цІаро дІакхоллуш а бу. Уьш чІогІа тІетевжинарг къематехь меттахдер ду, ткъа церан тІеман хьаькамаш мостагІийн байракхах кхоьрур бу», – боху Везачу Эло. Цуьнан цІе Цийон-лома тІехь йогуш ю, цІеран кхерч Ярушалаймехь бу. ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. Цуьнан бІаьргаш йогуш йолчу цІерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тІехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тІехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цІе ю. ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю. Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода