Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла! Деза суна Хьо Іаш волу цІа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а. Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна. Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гІайгІанехь мел болчеран догъэца, Цийонехь гІайгІа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дІагайтархьама, Везачу Эло доьгІна долу. Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хІунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду. Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гІали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. Дала декъаладо шу, хІинца меца дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хІинца доьлхуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь доьлур ду шу.
Выбор основного перевода