Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагІа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тІехь цІий хир ду. Цо цІий Іанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со. къуббанаш юкъахь а Іаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. и совгІат сагІа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тІаьхьа дийр ду ахьа Далла гІуллакх.
Выбор основного перевода